ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полшано дIавелла Байдуев, даймахкахь дIалаьцна


Байдуев Азамат
Байдуев Азамат

Дукха хан йоццуш Полшан Iедало схьавелла Байдуев Азамат шаьш дIалацарх даредина Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.

Оцу урхалло чIагIдарехь, жимчу стага хIинцале а мукIарло дина, ша Шема вахарх а, цигахь даIишхойх дIакхетарх а, тIеман тасадаларшкахь шена чов ярх а.

Бехктакхаман Кодексан 208-чу артиклца Байдуевна дуьхьал гIуллакх диллина, талламаш бу дIахьош, хаамбо махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллан пресс-гIуллакххоша.

Маршо Радион "Настоящее время" проекте Полшан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло жопдаларца, Оьрсийчочьнан вахархо дIавоьхуш, векал йолчу урхаллера кехат кхаьчнера цаьрга. Муьлхачу урхало даийтинера кехат, ца хаийтина.

Полшан Iедалхоша бахарехь, Оьрсийчуьра кхаьчначу документан бух тIехь а, ишта шайн пачхьалкхана Байдуев кхераме ву аьлла хеташ а, сацамбинера цара иза дIавала.

Human Rights Analysis Center организацин куьйгалхочо, бакъонашларъярхочо Гисаев Ахьмада социалан машанехь бира хаам, байначу беттан 31-чу дийнахь Полшано Оьрсийчу Байдуев дIахаьажорах а, буьйсан юкъахь Шалажехь вехачу цуьнан девешин хIусамера иза нохчийн полисхоша лачкъийна, вигарх а.

Гисаевс чIагIдарца, ФСБ-н а, чоьхьарчу гIуллакхийн а бIе гергга герзашца болчу белхахоша цкъа девешин цIенна го а лаьцна, цул тIаьхьа чу а лилхина лаьцна вигинера Байдуев Азамат.

Юьхьанца Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхалло аьттехьа а тIе ца дуьтура, шаьш иза лацар. "Хаамийн гIирсашкахь Байдуев Нохчийчохь лаьцна бохуш, цхьайолчу хьосташа яржийна инофрмаци бакъ яц" аьлла, дIахьедар дира цара.

Иттех шо сов хьалха Нохчийчуьра дIавахара Байдуев. Юьхьанца Полшано политикан тховкIело елира цунна, тIаьхьо Белги пачхьалкхе дехьавелира иза.

Стохка Белгин полицино дIалецира иза, шайн "пачхьалкхан дозан тIехь теракташ кечдеш хилла цо" аьлла, бехкевина.

Биллина бехк тIечIагIбан тоьшаллаш а ца карийна, карарчу шарахь Полше депортаци йира Байдуевна, гергарчу иттех шарахь Шенгенан зонерчу пачхьалкхашка вар а доьхкуш.

Ткъа Полшано депортацин набахте воьллира иза цхьана ханна, байначу беттан тIаьххьарчу дийнахь Оьрсийчу доьдучу кеманна тIе а хаийра.

Бакъонашларъярхочо Гисаевс дийцарехь, "Iедалшкара цхьана а кепара дуьхьало а йоцуш" шен дай баьхначу юьрта кхаьчна хиллера Байдуев.

34 шо долчу жимчу стеган доьзал Полшехь биссина. 8 беран да ву иза.

Байдуевх Iоттаелла ситуаци, Европехь бехачу нохчийн мухIажиршна цхьа "сигнал" ю аьлла хета Гисаевна.

"МухIажирш кхузахь маьрша бац, шайн куьг тIекхоччахь хилар гойту тхуна оьрсийн Iедалша. Стешхалла хIун ю цахууш баьхна мухIажирш кхеро гIерта Кремл. Халахеташ делахь а, цунна тIехIуьтту Европан пачхьалкхаш а. Кремлна цара гIо деш хилар билгалдолу, политикан оппозицица къийсам латторехь, церан низамехь дуьненаюкъарчу институтех пайдаэца бакъо хиларца", - аьлла Гисаев Ахьмада.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG