ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хатуев Iабдул - Хьамид. ДоттагIа


Хатуев Iабдулхьамид

ДоттагIа

Зазадаьлла Iежийн бешахь,

Сийна стигал екхна ю.

Накъост, хьо сан дашах тешахь,

Вайша вовшийн гIортор ю.


Некъаш хиларх мелла деха,

Лекха хиларх ломан бохь,

ДоттагI даим даг чохь веха,

Орцах волу эшначохь.


Велалой, ахь куьг схьалаца,

Майрра хьалха баккха ког!

Вевзаш воцчо вайн гIолацахь,

Дикнах дузу кийрахь дог.


Некъаш хиларх мела деха,

Лекха хиларх ломан бохь,

ДоттагI даим даг чохь веха,

Орцах волу эшначохь.


Хьо,дог доьхна, висча цхьалха,

Орцах дала доцуш са,

Хьоьга куьг луш, уггар хьалха,

Кхочу деган доттагIа.


Некъаш хиларх мела деха,

Лекха хиларх ломан бохь,

ДоттагI даим даг чохь веха,

Орцах волу эшначохь.


Некъах тилла, цIа ван хьелахь,

Хьо, хан яьлча, вицлур ву.

Хьоь сатуьйсуш, милла велахь,

И хьан деган доттагI ву.


Некъаш хиларх мела деха,

Лекха хиларх ломан бохь,

ДоттагI даим даг чохь веха,

Орцах волу эшначохь.


2004 шо

Хатуев Iабдул-Хьамид (1952-2011) — нохчийн байтанча, журналист, Нохчийн Республикан яздархойн бертан декъашхо вина 1952-чу шарахь. 1974-чу шарахь цо чекхъяьккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университет. Цуьнан дахаран некъ хедира 2011-чу шеран Дечкен-беттан 17-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG