ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин-ша жоьпаллехь ву Солсберехь дIаьвше тIелатар дарна - Лондон


Путин Владимир.
Путин Владимир.

Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир-ша жоьпаллехь ву Солсберехь СкрипалгIарна Сергейна а, Юлияна а дIаьвше тIелатар дарна. Цунах лаьцна дIахьедар дина Британин чоьхьарчу гIуллакхийн министран когаметто Уоллес Бена.

Цо билгалдаккхарехь, пачхьалкхан куьйгалхо санна билггала Путин ву "Iуналла деш а, ахча хьажош а, урхалла деш а" Оьрсийчоьнан тIеман талламан урхаллана. Уоллеса дIахьедар дина, Британино дуьхьало йийр ю Оьрсийчоьно мостагIаллин лелочунна, хаам бо Associated Press агенталло.

Британин Iедалш тешна ду ГРУ-н агент хилла Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна а дIаьвше телетар динарш Оьрсийчоьнан куьйгалхоша омар а делла, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн агенташ хиларх аьлла кхаарин дийнахь дIахьедар динера Британин парламентехь премьер-министро Мэй Терезас, прокуратуро динчу дIахьедарна комментари еш.

Хьалхо кхаарин дийнахь Британин прокуратуро цIераш йовзийтира Солсберехь Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна Юлияна а дIаьвше тIелатар динчу шина стеган. И шиъ ву Петров Александр а, Боширов Руслан а (уьш харц цIераш хила а мега).

Цу шина стаге бехк кховдийна адамаш дайа гIортарна. Петров а, Боширов а схьавоьхур вац Британин прокуратуро, Оьрсийчоьно шен махкахой дIалуш Iедал ца хиларна.

Талламхошна "Новичок" дIаьвшан ларш карийна Петров а, Боширов а ваьхначу хьешан цIийнерчу чоьнашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG