ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь уггаре хьал долу доьзал бу ГуцериевгIар - Forbes

Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Forbes (Форбс) журнало арахецна хIора шарахь ша хIоттош йолу Оьрсийчуьрчу уггаре хаьл долчу доьзалийн рейтинг. Цуьнца а догIуш хьалхарчу меттехь бу цхьаьнатоьхначу бахаман барам 5,97 миллиард доллар болу Гуцериев Минкаил коьртехь волу доьзал. Буьйцурш бу «Сафмар» тобанан долахой Гуцериев Михаил а, Гуцериев Саит-Салам а, «Фортеинвестан» инарлин директор Гуцериев СаьIид а, «М.видеон» инарлин директор Ужахов Билан а.

Стохка хиллачуьнца буьстича, церан бахаман терахь лахделла 3,94 миллиард долларна. Форбсан рейтингана юкъарваьлла Гуцериевн йишин кIант Шишханов Микаил. Цуьнан Бинбанк пачхьалкхан дола яьлла.

ШолгIачу меттехь бу Ротенбергийн доьзал - $4,85 млрд (2017-чу шарахь церан бахам бара $4,2 млрд).

КхоалгIа меттиг дIалоцуш ву IPG Photonics компанин куьйгалхо Гапонцев Валентин а, цу компанин инвестор волу цуьнан кIант Денис а. ГапонцевгIеран ду 3,14 миллиард доллар.

Нохчийчуьрчу БажаевгIеран доьзало дIалоцуш ю 8-гIа меттиг - $1,41 млрд. Кху тIаьхьарчу шарахь церан бахам лахбелла 40 миллион долларна. И бахьана долуш БажаевгIара йитина Forbes-ан рейтингехь 2017-чу шарахь дIалоцуш хилла 7-гIа меттиг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG