ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь яйна 6 шо долу йоI


Силовики устроили массовый обход улиц в Магасе
Силовики устроили массовый обход улиц в Магасе

ШолгIа де ду Дагестанехь 6 шо долу йоI лоьху. Иза яйна Гезгмашин-беттан 6-чохь Кизилюьртан кIоштарчу Чонтаулехь.

Республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхалло бинчу хаамца, еарийн дийнахь йоI, школера цIа а еана, ловза аряьлла хилла. Цул тIаьхьа иза гина стаг вац.

ЙоI лоьхуш арабевлла бу орцанхой а, полицин белхахой а, меттигера бахархой а.

ХIинца каронза ю Дагестанехь а, Нохчийчохь а лоьхуш йолу 8 шо долу Омарова Калимат. Иза яйна Дагестанерчу Каспийскехь Товбецан-беттан (Июль) 29-чу дийнахь. Кхаллар эца туькана яхана йоI кхин цIа ца еана.

Толлуш йолчу версех цхьаъ ю йоI зуламхоша цхьана Iалашонца кIайлаяьккхина хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG