ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчочунна экстрадици ярна дуьхьал мацалла кхайкхийна "Вайфондан" куьйгалхочо


Садулаев Мансур (Мовсар).
Садулаев Мансур (Мовсар).

Мацал хьейинарг ву Швецехь куп тоьхначу "Вайфонд" цIе йолчу гIо-накъосталлан юкъараллан куьйгалхо Садулаев Мансур. Цу кепара цо ша а, шен накъостий а дуьхьал хилар гайтина Боснин Iедалша нохчочунна Алтамиров Ахьмадна Оьрсийчу экстрадици ян бинчу сацамна.

ГIалгIайчохь ваьхна 24 шо долу Алтамиров Оьрсийчоьне дIавала сацамбина Боснин, Герцеговинан юстицин министралло. Иза бехке веш ву Шемарчу даIишхойн могIаршкахь латтарна. Цунах лаьцна дийцина "Кавказ.Реалии" портале Европан кхелехь Алтамировн адвокат волчу Оболенец Алексейс.

Цо дийцарехь, 2013-чу шарахь Оьрсийчуьра араваьлла Алтамиров Истанбулехь дIатарвелла хилла. Цигахь цхьаннан доларчу компанехь белхаш беш хилла ву иза. Стохка бIаьста Сараевохь дIалаьцнера Алтамиров, Интерполехула лоьхуш ву аьлла.

"Цхьана а кепара тоьшаллаш дац иза Шемахь хиларан. Амма Боснин Iедалша къестош ца Iаш, цунна экстрадици еш сацамбира", - дийцина адвокато портале.

Кху аьхка ша лаьцначу Боснин, Герцеговинан Iедалшка тховкIело йихира Алтамировс, амма цунна дуьхьало йира. Страсбургерчу Европан кхеле орца дийхира лаьцначун адвокаташа, амма цара дуьхьало йира 39-чу низамна тIе а тевжина, Оьрсийчоьне дIа ца валийтар тIедожон.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG