ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сом дайдаларан бахьанаш дийцина министро Силуановс


Оьрсийчоьнан сом дайлуш хиларан бахьанаш дийцина министро Силуанов Антона. Цунна хетарехь, Оьрсийчоьнан ахча дайдаларан бахьана ду санкцийн шолгIачу муьро Iаткъам бан мегаш хиларе хьежар а, кхууьш экономика йолчу пачхьалкхийн, шайна юкъахь Туркойчоь а, Къилба Африкан Республика а, Аргентина а йолуш, рынкашкахь лаьтта хьал цхьана эшшара ца хилар а.

Силуановс билгалдаккхарехь, Iедалш Iалашо йолуш дац сом деза я дораха хилийта. Къоман валютан курсаца доьзна хьал прогноз ялуш хила деза, боху цо.

Еарин дийнахь еарон курс хьалаяьллера 80 сом 52 кепеке кхаччалц. Долларан курс яра 69 сом 2 кепек.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG