ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара Идлиб хьокъехь саммит хилла ТехIранехь


Шемара Идлиб хьокъехь саммит хилла ТехIранехь, ПIерасканде, Гезг. 7, 2018.
Шемара Идлиб хьокъехь саммит хилла ТехIранехь, ПIерасканде, Гезг. 7, 2018.

Шемарчу Идлиб провинцера хьал дIанисдар хьокъехь саммит хилла ТехIранехь. Цигахь дакъалоцуш бара Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а, ГIажарийчоьнан а президенташ.

Цу кхаа пачхьалкхо барт бина Шемахь тIеман операци дIахьочу заманна аьлла, амма Туркойчоь шайн махка мухIажираш хьовдаш хиларх кхоьруш ю, нагахь Идлибехь тIом марсабалахь. Туркойн сингаттам коьртачех цхьа хаттар дара ТехIранерчу саммитан.

Идлиб тIаьххьара меттиг ю Шемарчу оппозицин тобанаша шайн карахь латтош йолу. Президентан Асад Башаран эскарш тIемашца чудоьлхуш ду цига, Оьрсийчоьнан эскархоша гIортор а еш. Москохо а, Димашко а чIагIдо Идлибехь "исламисташ" олу нах бу бохуш.

Дуьненаюкъаралла саготта ю оцу регионехь дIаьвше герз лелорна – цигахь вехаш ву 3 миллион гергга маьрша вахархо. Iамерко дIахьедар дина дIаьвше герз лелийла меттиг нислахь, шаьш тохарш дийр ду Шеман тIеман объекташна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG