ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Идлибехь тIом марсабала мегаш хиларна саготта ю дуьненаюкъаралла


Асадан а, Оьрсийчоьнан а тIеман ницкъаш тIелата кечлучу Идлиб гIалахь арадаьлла ду адам. Гезг. 7, 2018
Асадан а, Оьрсийчоьнан а тIеман ницкъаш тIелата кечлучу Идлиб гIалахь арадаьлла ду адам. Гезг. 7, 2018

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло ша саготта хилар хаийтина Шемарчу Iедалан а, Оьрсийчоьнан а ницкъаша гергарчу хенахь Идлиб провинцехь шуьйра тIеман операци йоло мегаш хилар бахьана долуш, хаам бо "Iамеркан аз" портало. Туркойчоьно гIортор ечу гIаттамхошца тIом марсабаккхаро гуманитаран бохам бан мега аьлла хета дуьненаюкъараллана.

ПIераскан дийнахь ТIехIранехь хиллачу саммитехь туркойн президенто ЭрдохIан Реджепа, герз деттар саца а дина, маслаIат дар некъ кховдийна Асад Башаран режиман Iуналлехь йоцучу тIаьххьарчу Шемарчу регионехь.

Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир цу саммитехь тIера ца валара Шемарчу Iедалан бакъо ю пачхьалкхан ерриг а территори шен Iуналле эца бохучунна, ткъа ГIажарийчоьнан президенто РоухIани Хьасана дош делира, гIажаройн эскарш Шемара дIагIур дац аьлла, хаам бо ББС-но.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG