ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Болх боцучу нахана ахчанца гIо даран хан яцйийр ю Оьрсийчохь


Оьрсийчохь яцйийр ю бан болх боцуш бисинчу нахана ахчанца гIо дан билгалъяьккхина хан. Кестта пособи ло хан хир ю Оьрсийчохь 6 бутт. Вуьшта аьлча 6 баттахь ахчанца гIо дийр Iедало цхьана шеранчохь (12 баттахь).

Цунах лаьцна хаам бина ТАСС агенталло, Оьрсийчоьнан президенто пенсех лаьцначу низамна тIехь бан оьшу аьлла кечбинчу хийцамашна комментари йинчу вице-премьеран Голикова Татьянин секретариатана тIе а тевжаш.

ХIинццалц балхахь воцучу стеган сатуьйсийла яра 24 баттахь пособи оьцур ду ша аьлла. Низамо иза цунна дала бакъо лора 36 беттачохь болх ца карош иза висахь.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG