ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Некъахьовзамехь вийна Абхазин премьер-министр


Гагулия Геннадий (аьтту агIор) Оьрсийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а президенташца 2003-чу шарахь.
Гагулия Геннадий (аьтту агIор) Оьрсийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а президенташца 2003-чу шарахь.

Ша йозуш йоцу пачхьалкх кхайкхийначу Абхазин Iедалан куьйгалхо Гагулия Геннадий вийна некъахьовзамехь Гезгмашин-беттан 8-чу сарахь (шотде). Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчуьрчу хаамийн агенталлаша.

Дуьхьал йогIучу машенах кхетта иза чохь волу машен. И бахьана долуш абхазхойн премьер-министр вийна, цуьнан машенлелорхо а, гIаролхо а лазийна ву.

Болчу хаамца, Гагулия цIавоьгIуш хилла Шема ваханчура Сочерчу аэропортехь охьахиинчу кемантIера воьссина. Цу махкарчу президентан Асадан режимо дукха хан йоцуш къобул динера Абхази йозуш йоцу пачхьалкх хилар.

Гагулия вогIучу коврана юкъахь хилла Абхазин куьйгалхочуьнан Хаджимба Раулан машен а. Цунна хIумма а ца хилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG