ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Идлиб а, ХIама а провинцешкахь юха а бомбанаш йиттина Оьрсийчоьнан кеманаша


Шема.
Шема.

КIирандийхь Оьрсийчоьнан а, Шеман тIеман кеманаша а юха а бомбанаш йиттина Идлиб а, ХIама а провинцешкахь. Цунах лаьцна хаам бина Reuters агенталло.

Цу тохаршкахь дакъалоцуш ду Шеман режиман тIеман ницкъийн беркеманаш. Адамаш алсам дайар Iалашонца дуккха гергаш йолу черман бомбанаш етташ ду уьш.

Кху тIаьххьарчу шина дийнахь Оьрсийчоьнан а, Асадан а ницкъаша 3 дарбанцIа а, бахархой дIалечкъа ши центр а йохийна, хаам бина Iамеркан лоьрийн гIо а, накъосталла а дечу вовшахтохараллийн цхьаьнакхетаран (UOSSM) белхахоша.

XS
SM
MD
LG