ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ангарскерчу колоне дIехьаваькхкина Дадаев


Дадаев Заур

Иркутскерчу лоьмар 3 йолчу колонехь политик Немцов Борис верна хан токху Дадаев Заур Ангарскан 2-чу набахте дехьаваьккхина, цо низамаш дохорна. Иркутскан таIзарш кхочушдаран системан федералан урхаллан (ФСИН)пресс-гIуллакххоша бина и хаам.Тутмакха керлачу колонехь шо гергга хан йоккхур ю аьлла, дIахьедина цара.

2015-чу шеран Чиллан-баттахь Москохарчу Москворецкан тIайтIехь тапча тоьхна вийра Немцов. Зуламна бехкебира Нохчийчуьра Бахаев Хьамзат а, Дадаев Заур а, Эскерханов Темирлан а, ишта вежарий ГубашевгIар Анзор а, Шадид а.

20 шо хан тоьхна Дадаевна, вукхарна 11 шарера 20 шерашка кхаччалц хенаш йиттина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG