ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Парижехь уьрсаца динчу тIелатарехь нах лазийна


Уьрсаца динчу тIелатарехь ворхI стаг лазийна Парижехь. Веанна дера чевнаш йина. Великобританера ши турист ву царлахь. ТIелеттараг дIалаьцна полисхоша. Болчу хаамашца, ОвхIанистанера орамаш долу стаг ву иза.

КIиран суьйранна гIалин Къилбаседа Малхбузерчу кIоштахь хилла и инцидент. Журналисташа Iорадаккхарца, бахьана а доцуш, кинотеатре баьхкинчу нахана тIелетта зуламхо юьхьанца, цул тIаьхьа урамехь дIасалелачу нахана балеваьлла.

Рейтерс агенталло хаамбарца, полицино цкъачунна хилларг теракт санна ца лору.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG