Идлибна дечу тIелатарехь Шеман президенто Асад Башара шен эскаршна магийна хлор а цхьана, химин герз лело.
The Wall Street Journal агенталло бо и хаам, Iамеркан талламан урхаллерчу хьосташна тIе а тевжаш. Нагахь Шемахь химин герзах пайдаэцахь, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн тIеман министралла царна дуьхьал бекхамбан варианташ кечъеш ю.
Цкъачунна сацамбина бац Iамеркан президенто Трамп Доналда, оьший-те Димаьшкъаца юкъахь лелачу Оьрсийчоьнан а, ГIажарийчоьнан а эскаршна тохарш дан аьлла.
Кхо миллион вахархо а вехаш, 70 эзар Шемарчу оппозицин ницкъаш гулбеллачу провинцехь Асада цIий Iанадахь, Трампа ша Шеман эскархошна тIе бомбанаш еттар ю аьлла, кхерамаш теснера.
Делахь а Вашингтонехь Шемарчу Iедалхошна дуьхьал экономикан санкцеш яхарх а дийцаредо.
Президентан администрацерчу лаккхарчу даржхочо дийицна цунах The Wall Street Journal хьостане. Иттанашкахь маьрша бахархой а бойуш, Шемано химин тIелатар динера аьлла, тIаьххьарчу шина шерачохь Трампан администрацино шозза тохарш дира шемахойн инфраструктурана.
КIира хьалха КIайчу цIийно Асаде дIахьедира, нагахь цо Идлибехь химин герз леладахь, ша хьем ца беш, дуьхьал тIамца жоп лур ду аьлла.
Бакъонашларъярхойн зерашца, тIаьхьарчу кхаа дийнахь, Оьрсийчоьнан а, Шеман а кеманаша динчу тохаршкахь иттанашкахь нах байина, ду царлахь бераш а. Йохийна кхоъ дарбан хIусам, эзарнаш нах лоьрийн гIо доцуш а буьтуш.