ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шекспиран комеди хIотторна театран белхахой лецна ГIажарийчохь


Шекспир Уильяман "Аьхкенан буьйсан гIан" ("Сон в летнюю ночь") цIе йолу спектакль хIотторна театран ши белхахо дIалаьцна ГIажарийчохь.

Iедалхоша дIахьедарехь, Исламан республикан низамаш дохадо оцу спектакло, хаамбо Associated Press агенталло. Кхелан сацамца лаьцна театран режиссер Каземи Марьям а, менеджер Ассади СаIид а. КIиран суьйранна дIалецна уьш, Интернетехь шаьш хIотточу спектаклех видеоролик Iораяьккхича. Оьздангаллин министраллехь хаамбина, лаьцна хилла шиъ 24 эзар доллар закъалтна а делла, араваьлла.

Социалан машане яьккхинчу видео тIехь гуш ду хелхабуьйлу божарий а, зударий а. ГIажаройн низамаша дихкина зудчунна а, стагна а цхьана хелхарш дар а, нахана юкъахь зударшка хелхарш дайтар а.

"Аьхкенан буьйсан гIан" ("Сон в летнюю ночь") ингалсан драматурган Шекспиран уггар а гоьяллачех комеди ю. Дуьненан массо а театран тобанаша хIиттайо цуьнан спектакль

ГIажарийчоьно тIе ца юьту Малхбузен култура. Масала, кху аьхка кхиазхо-зудабер Ходжабри Мадеха лецира полисхоша интернете видеоролик хIоттийна аьлла. 20I4-чу шарахь гIажаройн кхело арахь яккха хенаш туьйхира 6 жимчу стагна а, 6 зудаберана а, Уильямс Фэреллан "Happy" эшаран клипехь дакъалацарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG