ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь а, Урдуне а юкъахь кхио дагахь ю туризм


Гуманитаран а, туризман а сферашкахь юкъарлонаш лело дагахь ю Нохчийчоь а, Урдуне а. Дийцарш дан Нохчийчу кхаьчна Урдунерчу Хашимитан Паччахьаллин делегаци.

Делегацин коьртехь волчу элас Бен Iела Бен Найеф Мохьаммад Iаббаза билгалъяхна шаьш юкъахь кхиор йолу агIонаш: энергетика а, логистика а, медицинан туризм а, гуманитаран сфера а.

Экономикан а, йохка-эцаран а министраллан куьйгалхочо Идрисов ИбрехIима билгалдаьккхина, Нохчийчоьно а, Урдуно а дукха хенахь дуьйнна гергарлонаш лелош хилар.

20-чу бIешерашкахь Кавказан тIом боьдучу хенахь ши эзар нохчашна тховкIело еллера Урдунерчу Iедалша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG