ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Идлибехь цIий Iанийта дуьхьал ву ЭрдогIан


Терроризм эшош ду шаьш бохуш, харцонца Шемарчу Идлибна тIе а летта, цIий Iано дагахь бу пачхьалхкан Iедалхой, президент коьртехь а волуш аьлла, тешна ву Туркойчоьнан урхалхо ЭрдогIан Реджеп. Iамеркан The Wall Street Journal газетан агIонерчу шен артикл тIехь ЭрдогIана билгалдоккху, и зулам ца хилийта жоьпалла цхьатерра Малхбузена а, Оьрсийчоьнна а, ГIажарийчоьнна а тIехь ду аьлла.

Асадна бехкбуьллу туркойн президенто, "кхо миллион гергга бахархой бехачу Идлибна шен агIончашца тIелата кечваларна".

Маршо Радионо хааме даьккхира, Асад Башаран эскарша Оьрсийчоьно а, ГIажарийчоьно а гIо а деш, Шеман Идлибна гобарх а, муьлххачу заманчохь операци йоло уьш кийча хиларх а.

Iамеркан тIеман министралло шаьш бекхам бийр буйла дIакхайкхийна, нагахь Шемахь химин герз леладахь.

Цхьоболчу хаамашца, Идлибехь масийтта эзар Нохчийчуьра зударий хила тарло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG