ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Граната яьккхина Нохчийчуьрчу вахархочуьнгара


Бакъо йоцуш граната латтийна аьлла, бехкевинчу Хьалха-Мартанарчу вахархочунна 1, 5 шой хан тоьхна набахтехь яккха. Аьхка дуьйнна караеана граната шен хIусамехь дIайиллина, латтош хилла цу стага.

Оршотдийнахь Хьалха-Мартанан кIоштан кхело цхьа шой, ах шо тоьхна ца Iаш меттигерчу вахархочунна, иштта итт эзар сом гIуда а хьарчийна цунах, хаамбина "Кавказан узел" агенталле Нохчийчуьрчу прокуратурехь.

Карарчу шеран ворхI беттачохь республикан дозан тIехь бакъо йоцуш герз, патармаш, лоьлхуьйтурш лелийна 170 зулам даьстина ницкъахоша.

Оцу бух тIехь 142 бехкзуламан гIуллакх долийра, 45 стаг лаьцна латтош ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG