Ийначу латарийн чемпионо Нурмагомедов Хьабиба кIоршаме жоп делла рэперна Тиматина а, иллиалархочунна Крид Егорна а.
Кху беттан 9-чохь Дагестанехь дIакхайкхийна Кридан концерт ца хилийтира, дагестанхоша артистна кхерамаш тийсина.
Концерт ца хилла кхаъ хиллачу Нурмагомедовс социалан машанехь дIахаийтинера шен воккхавер. Цуьнан дIахьедар "сонталла" ю аьллера Тиматис.
"Шайн лартIехь йоцу концерташ миччахь а, денна а хIиттае, амма сан принцип ю, сайна хетарг ма дарра дIаолуш. Дагестанерчу зударшка а, божаршка а ала ду сан, дуккха а хIума тIехтесна дитина вай, амма хиндолчун жоьпалла вайна тIехь ду", аьлла Нурмагомедовс.
Билгалдоккху, Тимати ишта гоьваьлла ву Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца уллерчу гергарлонашкахь хиларца а. Иза кест-кеста кхочу Нохчийчу. Соьлжа-ГIалахь ю Тиматис схьайиллина "Black Star Burger" а.
КарабогIучу беттан 6-чу дийнахь Лас-Вегасехь леташ ву Нурмагомедов Хьабиб ирландхочуьнца Макгрегор Конорца UFC-н чемпион волуш.