ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ненера кехаташ дIа ца кхачадо Клыхе


Верхнеуральскерчу набахтехь хан токхучу политикан тутмакхна Клых Станиславна цуьнан нана Клых Тамара тIаьхьа яхийта цхьацца кехаташ кечдеш ю Лакхарчу Радан цIарах адамийн бакъонаш ларъян векал йина Денисова Людмила а, Украинан арахьарчу гIуллакхийн министралла а.

"Карарчу беттан 20-чохь яха дагахь ю нана шен кIант ган. Сайн тергонехь латтош ду ас цуьнан гIуллакх", - аьлла, яздина омбудсмено Фейсбукерчу шен агIонехь, Клых Тамарица къамел хиллачул тIаьхьа.

Цул совнах нанас бахарехь, кIанта даредина, шега кехаташ ца кхочу аьлла.

"Шен пенси тIера кIенатн нанас дохьуьйту ахча дIакхачахь а, язден кехаташ дIа ца кхачадо цуьнга. Баттахь шозза кехат тосу Клых Тамарас шен воIе, амма дIакхаьчнарг цхьаъ бен дац", - дIахьедо Денисовас.

Шинаридийнахь Оьрсийчуьрчу омбудсменца Москалькова Татьяница, Клыхан бакъонаш хIунда ца ларъйо ша къастор хилар дIахаийтина Денисовас.

2016-чу шарахь Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело 22, 5 а, 20 шо а хенаш туьйхира украинхошна Карпюк Николайна а, Клых Станиславна а.

Цушинна бехедиллира, Нохчийчохь тIемаш бар а, оьрсийн эскархой байар а.

XS
SM
MD
LG