ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Школашна дина арз бух боцуш карийна дешаран министраллана


Школашкахь дайшка-наношка шайгга оьцуьйтуш ю берашна киншкаш аьлла, социалан машаншкахь яьржина информаци бакъ ца йина дешаран, Iилман министран гIоьнчас Каимов Iабдурахьама. Доьшийлашкахь шаьш талламаш дIабаьхьна, бух болуш ца карийна даржийнарг аьлла цо. Дукха хан йоццуш WhatsApp-ан мессенджерехула хаам баржийра, дайшна-наношна тIедожийна школехь оьшу жайнаш эцар, аьлла.

Цул совнах, Йоккхачу АтагIара ю ша аьлла, йовзийтинчу зудчо даредора, нуьцкъаша школано берийн духарш а, канцелярин гIирс а эцийтина шега, базарахьчул а беза мах а боккхуш, дуьйцуш.

Дешаран, Iилман министралло шаьш лерина теллина аьлла и информаци, иза бакъхиларан тоьшаллаш ца карийна шайна, кхин дIа а шайн тергонехь латтор ду шаьш и хьал аьлла, тIе а лоцуш.

Амма, цхьайолчу школашкахь киншкаш цатоьана хила а тарло, боху Каимовс. "Дешаран шо доладалале школано шайна оьшучу гIирсан барам шайга схьабеллера, цуьнца а догIуш дIакхачийна шаьш киншкаш а. Шо доладеллачул тIахьа цхьацца йолчу доьшийлашкахь бераш тIедаьхкина хила тарло, цундела цатоьана хила а мега жайнаш. ТIейогIучу заманчохь, тIеоьшучу школашка кхи а киншкаш дIакхачо Iалашо ю тхан", - аьлла дешаран, Iилман министран гIоьнчас Каимов Iабдурахьмана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG