ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шереметьевохь ламазан чоь схьайоьллур ю


Москохарчу Шереметьево аэропортехь бусулбанашна лерина ламазан чоь схьайоьллур ю гергарчу хенахь. Меттиг хIинцале а билгалъяьккхина. Химки гIалин имаман Маннапов Камилан аэропортан белхахошца цхьана бIаьргтоха аьтто хилла цу хIусамах. Шереметьево аэропортан сайт тIехь бинчу хаамца, Е терминалан 1-чу гIат тIехь йоьллур ю ламазан чоь.

Карарчу заманчохь Москохарчу Домодедовон, Внуковон аэропорташкахь йолуш ю ламазан чоьнаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG