ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

23 шо хьалха стаг вийначу нохчочунна хан тоьхна


23 шарахь Нохчийчохь лечкъина ваьхначу стагна набахтехь даккха 8 шо хан тоьхна. Болчу хаамашца, 1995-чу шарахь Астраханехь шен накъостца юкъахь стаг вийна хилла цо. Цуьнан дакъа Волга олучу хи чу а кхоьссина, ведда и шиъ, шолгIачу дийнахь меттигерчу бахархошна карийнера вийначун дакъа.

Цхьаъ автобусца Нохчийчу дIаваханера, ша цигара хиларе терра. Шена бевзачу накъосташкахула керла цIе хуьйцуш, кехаташ а даьхна, ваьхна иза хIинццалц.

Нохчийчоьнан полисхоша талламаш бечу хенахь, цуьнан пIелгийн лараш схьаэцча, гучуваьллера иза. Астраханерчу кхело набахтехь даккха 8 шо хан кхайкхийна цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG