ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIомал яьккхина, набахтехь яккха хан тоьхна жимчу стагна Нохчийчохь


Нохчийчуьрчу 34 шо долчу вахархочунна Исламна дуьхьал айдина бекхзуламан гIуллакх теллина Грозненск кIоштан кхело. Низамаш дохош, баккхийчу барамашкахь наркотикаш лелорна кхеле валийна иза. Юьртан йистехь кхиинчу кIомалан гIаш даьхна, уьш дакъа а дийна, ша вехачу хIусамехь латтош хилла цо. 208,2 грамм кIомал яьккхина цуьнгара полисхоша.

ГIуллакх листинчул тIаьхьа, набахтехь даккха 4 шо кхачийна цунна кхелахоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG