Меттигерчу полисхоша туьйсучу кхерамех ша Iалашъяр дехна бакъонашларъяран центре ГIебарта-Балкхаройчуьрчу яхархочо. "Кавказан узел" агенталло хаамбарехь, йиша Шема дIаяхнера аьлла, полисхоша компьютер а, телефон а цуьнгара дIа а яьккхина, банкан карта дIакъевлина цуьнан.
Байначу баттахь прокуратуре арздинера цу йоIа, вевзаш воцчу стага телефон а тоьхна, полисхойн декъе кхайкхина ша аьлла. "Суна ца бевзачу нехан суьрташ а гайтина, ас царна ахчанаш кхехьийтарна шаьш банкера сан картана блок хIоттийна бахар цо, - дуьйцу Налчикерчу яхархочо. – Шаьш хьалхе дуьйна кечдинчу кехатна куьйгязде элира соьга. Социалан машанашкахь суна Дагестанера евзинчу цхьана йоьIан дехарца, ас ахча дехьадаьккхина аьлла дара цу кехат тIехь. Церан легендаца, Шема кхайкхина хилла со цу йоIа".
Прокуратуран белхахошна хетарехь, зулам ца даьлла цу жимчу зудчуьнгара. Кхидерг а лард йоцуш ду аьлла прокуратурехь.
Бакъонашларъярхоршкара комменарий эца аьтто ца хилла "Кавказ. Реалии" порталан.