ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тумгоев Оьрсийчоьне дIавелла Украинан прокуратурано


Оьрсийчоьнан ФСБ-н дехарца Украинан Инарла прокуратурано дIавелла гIалгIа Тумгоев Тимур. "Кавказ. Реалии" портале хаийтина цунах Украинерчу вайнехан диаспоран векало. "Кхаарин Iуьйранна дIавелла аьлла",- дийцина портале.

"Харьковн бакъонашларъяран тобано" (ХПГ) билгалдаккхарца, ООН-ан бакъонашларъяран Комитетан экстрадици яр сацаде аьлла, сацам боллушехь дIавелла Тумгоев.

Дийцарехь, Тумгоев дIавала магочу кехатна куьйгяздина Инарла прокуроран гIовса Енин Евгенийс. Туркойчуьра веанчуьра Харьковн аэропортехь Украинан дозанхоша лаьцнера Тумгоев 2016-чу шарахь. Шемарчу радикалан тобанхошца дакъалаьцна ву аьлла, бехкевина иза ФСБ-но. ТIаккха сацамбина хилла Украинано иза дIавала.

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело шозза дуьхьало йира адвокаташна, цунна экстрадици яр сацадахьара аьлла дехар дича.

Ткъа ООН-ан Комитето Украинан Iедалшна тIедожийнера, иза дIа ца валар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG