ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Куьршалан кIоштарчу кегийрхошна яккхий хенаш йиттина Нохчийчохь


Набахтехь яккха яккхий хенаш йиттина Шела кIоштан кхело Куьршаларчу 14 жимчу стагна. Дийцарехь, 18 шарера 30 шерашка бовллалц стохка Дечкен-баттахь дIалецначех бу и кегийрхой.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан цхьана декъанна тIелатар дара кечдеш аьлла, дIахьединера Iеждалхоша хIетахь. Йолийначу операцехь верриг а лаьцнарг вара Цоцин-юьртара а, Куьршалара а, Шелара а, Майртуьпара а, Устрада-гIаара а 22 стаг.

Кху беттан 11-чохь 9, 8 тIера 10 шаре бовллалц набахтехь яккха хенаш кхайкхийна царна.

Хенаш тоьхначийн гергарнаш инзарбевллера оццул яккхий хенаш царна еттарна. ХIунда аьлча, хIинццалц схьа Iедалхоша, нагахь аш журналисташка а, бакъонашларъярхошка а информаци ца кхачаяхь, таIзар дайн хир ду аьлла, Iехийна хиллера уьш.

Социалан машанашкахь видеороликаш яржийна, набахте хьовсийначийн гергарчара шаьш реза доций хоуьйтуш. Иштта цара дIахьедо, республикехь низамаш лелаш цахилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG