ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Министр: Нохчийчохь Навальныйн бат йохор ю


Зорбан министр Умаров Джамбуат
Зорбан министр Умаров Джамбуат

Оппозиционер Навальный Алексейга Росгвардин куьйгалхочо Золотов Виктора дов кховдорах вистхилла Нохчийчоьнан зорбан министр Умаров Джамбулата НСН-ан эфирехь. Стаг сийсазвар, аьшнаш вар офицерийн могIаршкахь тергамза дуьтуш дац аьлла, Навальныйга дов кховдош видеокхайкхам Iорабаьккхина Къоман гвардин хьалханчас Золотовс.

Цо урхалла дечу Росгвардехь хьарамлонаш лелорах талламаш бинчул тIаьхьа Навальныйс гучудаьккхича, гвардин YouTube-каналехь зорбане яьккхира Золотовс шен видео.

Оппозиционерах Навальный Алексейх "мутте отбивная" йийр ю ша аьллачу Росгвардин куьйгалхочунна Золотов Викторна тIехIоьттира Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а.

Цунна хетарехь, "шен а, ша урхалла дечу Росгвардин эскархойн а, пачхьалкхан а сий динчу Золотовс яхьйоцчуьнга бехккховдор нийса ду". Кадыров тешна ву, Росгвардин куьйгалхо – "Бакъволу къонах ву", ткъа цуьнан оппонент – "чагIалкх" ю аьлла.

Ишта Кадыров шеконашкахь ву, Навальный Золотовца къовсалур ву аьлла. "Даим а санна, ша Iехочу кхиазхойн а, дозанал а арахьарчу шен спонсорийн а букъатIехьа лечкъар ву иза", - аьлла, яздира Кадыровс "ВКонтактерчу" шен агIонехь.

НСН-нна еллачу интервьхь министро Умаровс дIахаийтина, ша Золотовгахьа хилар.

"Золотовс яьккхина гIулч нийса хета суна. Кхи дIа а садеттийла яцара сийдоцчу Навальныйна. ХIан-хIа, Золотовца дуэле волу тайпа вац Навальный. Къонахалла тоьар яц цуьнан", - дIахьедина Умаровс.

Оьрсийчоь доггах езачара лоруш вац Навальный. Бат йохор ю цуьнан, деха а, доца а ца дуьйцуш аьлла хета нохчийн министрна.

ХIара дуьххьара меттиг бац коррупцица къийсам латточу Фондо Iорабохучара дуьхало латто Навальныйна. Хьалхо миллиардеран Усманов Алишеран бахамаш гучубаьхнера Фондо.

ХIетахь цхьа могIа дуьхь-дуьхьал видехаамаш а кхехьийтина дирзира гIуллакх, яздо Газета.ру хьостано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG