ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чатаевца уьйрашкахь хиллачу шинна хенаш тоьхна Тбилисехь


Чатаев Ахьмадан террорхойн тобанна гIо латтийна ву аьлла, Тбилисин кхело 13 а, 8 шераш тоьхна набахтехь такха Горнакашвили Зурабна а, Чапанашвили Бадурна а. 2017-чу шарахь Гуьржийчуьрчу Исанскан кIоштахь цушиммо теракт кечдеш хилла аьлла, тIечIагIдина кхело, яздо Тбилисин кхелан информацина тIе а тевжаш InterPressNews хьосто. Теракт вовшахтухучарна юург а, мобилан зIе а латтош хилла цара аьлла ду кхело вовшахтоьхначу материалашкахь.

Стохка гурахь спецопераци дIахьочу юкъанна вийра Тбилисехь Чатаев Ахьмад, ткъа караваханера Оьрсийчуьра вахархо Дудаев СаIид. Стохка Iай къайлахчу сервисаша дIакхайкхийра, ПIаьнказахь Чатаевца уьйрашкахь лелла Гуьржийчоьнан кхин а пхи вахархо дIалацарх.

Горнакашвили Зураб а, Алдамов Руслан а, Маргошвили Тамаз а, Чапанашвили Бадур а дIалецира, ткъа чевнаш йина Мачаликашвили Темирлан дарбан цIийнехь кхелхира кху шеран Дечкен-беттан 10-чохь.

Набахтехь даккха 13 шо тоьхна Горнакашвили Зурабна, 8 шо делла Чапанашвили Бадурна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG