Оьрсийчуьрчу цхьа могIа бахархошна а, Москох тIехIуьттучу Донбассерчу сепаратисташна а дуьхьал яьхна санкцеш кхин а эхашарна дIаяхъйина Евроберто. Еаридийнахь цунах хаамбина Маршо Радион корреспонденто Йозвяк Рикарда. 155 стаг а, 44 компани а ю Iаьржачу тептарехь. ГIирмана аннекси ярца а, Украинан Малхбалерчу конфликтца а боьзна бу уьш. Шайн пачхьалкхашка бахкар а доьхкуш, церан банкашкара чоьташ дIакъевлина Евроберто.
Ишта дихкина европхошна аннекси йинчу ахгIайрина инвестицеш хьажор а, цигахь чу-ара ца баккхалун бахам эцар а, йохка-эцарш цигахь лелор а.
Кху аьхка Италин премьер-министро Конте Джузеппес ша реза цахилар дIахаийтира, Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш дIаяхъярна. ХIетте а, тIаьхьо шен Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президентца хиллачу цхьанакхетарехь "хила йиш йоцург" ду элира цо, Москохна дозанаш ца деттар.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ