ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белхазалла 8, 7 проценте охьаяьлла Нохчийчохь


Къинхьегаман министраллан векалша даредарца, шо шаре белхазалла лахъелла йогIу Нохчийчохь. Карарчу беттан 1-чу дийнахь динчу зерашца, 8, 7 терахь гойту махкахь.

Инвестицин проекташ а, пачхьалкхан программаш а, бизнес кхиор а, ишта вакансийн ярмаркаш дIахьош а аьтто хилла оцу жамIашка кхача аьлла къинхьегаман министраллехь.

Официалан хаамашца, тIемаш бирзинчул тIаьхьа Нохчийчохь 76 процент яра белхазалла.

"ТIехбоккха кхиам бу йоццачу хенахь белхазаалла оцу терахьашка ерзо аьтто балар. Цу кепара хIума хилла дац я Оьрсийчоьнан а, я дуьненан а практикехь", - аьлла къинхьегаман министраллан векало Тапаев Алимхана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG