ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхаа рожера дIа ца яхало Нохчийчуьра школаш


Оьрсийчоьнан премьер-министрца Медведев Дмитрийца Москох хиллачу цхьанакхетарехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцаредина махкарчу школашкахь бераша кхаа рожехь доьшуш хиларх. Школаш тIехюьзна хиларца "Кавказан республикашкарчу доьшийлашкахь хьал ира лаьтташ хилар" билгалдоккхуш, Медведевс дош делла, регионна оьшу гIо дан. "Хьоьгара накъосталла хилахь, тхо ларор ду", - аьлла Кадыров Рамзана.

Цо бахарехь, таханалерачу дийнахь махкарчу 70 школехь бераш кхаа рожехь доьшуш ду. ТIаьххьарчу 4-5 шерашкахь Нохчийчохь 30 сов школа схьайиллиншехь, хьал хийцалуш дац аьлла мехкан куьйгалхочо, республикехь бераш дуьненчу дийлар лакхара хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG