ГРУ-н агент хиллачу Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна Юлияна а дIаьвше телетар дарна бехкевинчу Петров Сергейс а, Боширов Руслана а интервью елла "Россия сегодня" телеканалана.
Цу шимма дийцина ГРУ хиллачу агентана дIаьвше тIелатар деш шаьшиъ Солсберехь хIун деш вара.
Петров Александра а, Боширов Руслана а дийцарехь, и шиъ Лондоне вахана хилла самукъадаккха (оторваться), ткъа цул тIаьхьа цу шиммо сацам бина, бевзачара хьажа гIо аьлла хьехар динчу, Солсбери гIаларчу килсе хьажа ваха.
Петровс а, Бошировс а дийцарехь, и гIуллакх цхьана дийнахь чекхдаккха дагахь хилла и шиъ, амма Солсберехь доккха ло диллар бахьана долуш иза дахделла церан кхаа дийнахь.
ГIалахула волавелла а лийлира, ширачу килсе а вахара, кофе а мелира вохвала, дуьйцу цу шиммо.
"Новичок" шайгахь хилла бохург харцлер ду, зударийн духи чохь долу шиша шайгахь дацара, боху Петровс а, Бошировс а.