ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн набахтешкахь тутмакхаш Iазапехь латторна дуьхьалбевлла Германехь


Германерчу Оьрсийчоьнан векалтна хьалха митинг дIаяьхьна еаридийнахь Берлинерчу жигархоша, оьрсийн набахтешкахь политикан тутмакхашна тIехь гIело латторна шаьш дуьхьал дуйла дIахоуьйтуш. "Укринформ" хьостано бо и хаам. Хилла царлахь немцой, оьрсий, нохчий. Оьрсийчоьнан набахтешкахь политикан тутмакхашна тIехь Iазапаш латто сацадар доьхура протестхоша шайн карарчу транспаранташца.

Гулбеллачара емалйира Путинан раж, хIоьттинчу системана дуьхьал къийсам латтон Оьрсийчоьнан бахархой а, кхечу пачхьалкхашкара бахархой а набахтешкахь бехк боцуш латтош хиларна.

Еаридийнахь йолийна митинг пIераскандийнахь а дIаяхьа Iалашо ю жигархойн. Германин арахьарчу гIуллакхийн министраллана хьалха гулбала лаам бу церан тахана изза тIедахкаршца.

ПIераскандийнахь оцу урхаллехь оьрсийн-немцойн конференци ю хир йолуш Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран Лавров Сергейн шен Германерчу коллегаца Масса Гайкоца.

Цунна тIехьажийна вовшахтоьхна 30 гергга жигархочо шайн митинг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG