ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хенаш йиттинчу Куьршаларчу кегийрхойн цIераш евзина


Дахначу шинаридийнахь Шела кIоштан кхело яккхий хенаш йиттинчу кегийрхойн цIераш Iораяьхна блогеро Абдурахманов Тумсос. Цхьа шой ах шой хьалха Куьршала кIоштахь лецначарна юкъахь хиллачу бархIаннан цIе ю тептарехь.

Маршо Радионо яздира шен агIонехь, яккхий хенаш йиттина, Шела кIоштан кхело Куьршалара 14 жимстаг набахье хьажорах. Дийцарехь, 18 шарера 30 шерашка бовллалц стохка Дечкен-баттахь дIалецначех бу и кегийрхой.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан цхьана декъанна тIелатардан кечлуш хилла уьш аьлла, дIахьединера Iедалхоша хIеттахь.

"Соьгахь йолчу информацица, церан цIераш ю: Мусаев, Джабраилов, Абубакаров, Алиев, Титиев, Довлетукаев, Юсупов, Эльдаров, Чимаев, Эдильханов, Асуханов, Джабихаджиев, Шовхалов, Абуев", - яздина Абдурахманов Тумсос шен Facebook агIонехь.

Хьалхо зорбанашкахь яздира, хенаш тоьхначарех цхьаберш "Новая газетано" Цоци-Юьртахь лецна аьлла, стохка Дечкен-беттан 12-чохь дIакхайкхийначарлахь хилла хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG