ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Крид Егорна кхерамаш тийсина дагестанхо лаьцна Москох


Крид Егор а, Тимати а
Крид Егор а, Тимати а

Оьрсийчоьнан рэперна Крид Егорна кхерамаш тийсина Дагестанера вахархо Москох лаца а лаьцна, ХIинжа-гIала кхачийна, хаамбо "Дербент" агенталло. Цкъачунна цуьнан цIе йовзуьйтуш яц, тIаьхьо информаци Iорайоккхур йолуш ю.

Карарчу беттан 9-чохь хила езаш яра ХIинжа-гIалахь Крид Егоран концерт, амма иза юкъахъяьккхира иллиалархочунна хаддаза дагестанхоша кхерамаш тийсарна.

Концерт ца хIоттийна хазахеттачу ийначу кепехь латархочо Нурмагомедов Хьабиба шен Инстаграмерчу пена тIехь йоза дитинера.

Black Star лейбл кхоьллинчу Тиматис "сонталла" ю аьллера, ММА-н чемпионан дIахьедар. Цул тIаьхаь конфликте йоьвлира цушинна юкъаметигаш.

XS
SM
MD
LG