ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаровс гIо даьккхина дагестанхошка


Зорбан министр Умаров Джамбулат а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а
Зорбан министр Умаров Джамбулат а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а

Нохчийчуьрчу зорбан министро Умаров Джамбулата комментари йитина спортхочунна Нурмагомедов Хьабибна а, рэперна Тиматина юкъахь иккхинчу конфликтах. "Концертан программа вовшахтухучунна хаа деза, ша артист стенга вуьгуш ву. Суна хетарехь, тIаккха хир бац цакхетамаш", - аьлла министро. Цул совнах, нохчий дагестанхойн позицина тIетов а аьлла цо.

"Дагестан вайн вежараллин республика ю. Нохчийн къомана тховкIело елла, кхача белла уггар а хьоме регион ю иза. Тхан менталитет а цхьаъ ю, дин а цхьаъ ду тхан, хьежамаш а цхьатерра бу тхан", - аьлла, дIахьедина Умаров Джамбулата.

Карладоккху, Black Star лейблан артистан Крид Егоран концерт Дагестанехь ца хилийтича йолаелла рэперна Тиматина а, латархочунна Нурмагомедов Хьабибна а юкъахь конфликт.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG