ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь некъан бохамехь нах белла


Сунженскан кIоштахь пIераскан суьйранна вовшахкхетта 27 шо долчу Лахарчу Ачалукерчу вахархочун "Лада Приора" а, 38 шо долчу Нохчийчуьрчу вахархочун “Хендай Солярис” а машенаш. ToDay News Ufa хьостано хаамбарца, суьйранна 8 сахьт даьллачу заманчохь хилла и некъан бохам федералан "Кавказ" трассан аэропорте воьдучу агIор. Машенийн шофераш белла, цу чуьра виъ пассажир а цхьана.

23 шо долу йоI а, 2 шой, 1 шой долу бераш а кIелхьарадаха аьтто хилла. Дарбан цIийнехь бу уьш.

Машенаш духь-дуьхьал кхетаран бахьанаш къаьстина дац цкъачунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG