ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пятигорске йоьду зуда яйна шен деа бераца


Пятигорске йоьдучу новкъахь деа бераца яйна ГIалгIайчуьра зуда лоьхуш бу полисхой. Малгобекан кIоштарчу Юккъерчу Ачалукерчу вахархочо 36 шо долу шен йоI ярах хаамбина полици. Цо бахарехь, "Пятигорске садаIа яхана йоI, карарчу хенахь цхьа а кост доцуш яйна" аьлла, яздина ду ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайт тIехь.

Яйначу зудчун берийн 15, 13, 8, 5 шераш ду. Ставрополан кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайтехь хаам бац, ГIалгIайчоьнан яхархо а, цуьнан бераш а дарах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG