ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харатишвили Нинон Нохчийчуьрчу тIамах роман совгIатна хьалхатеттина


Тоьллачу яздархочунна Deutscher Buchpreis престиже преми луш церемони хир ю Германехь. Немцойн маттахь тоьлла роман язйинчунна кхочур ду и совгIат. Ялх романан яздархо ву кху шарахь и преми къовсуш.

Ю царлахь "Цициг а, Инарла а" ("Кошка и Генерал") романан автор – гуьржи, Германехь еха Харатишвили Нино.

Харатишвилин роман Советан зама йохарх, Нохчийчохь хиллачу тIамах, адамех тIеман хенахь хуьлучух а язйина ю.

Тбилисехь дуьненчу яьлла Харатишвили. Шен 12 шо кхаьчначул тIаьхьа ненаца Германи дIаяхана иза, тIаьхьо юхаеача, Тбилисин пачхьалкхан театран, кинон университетехь дешна цо. Карарчу хенахь гоьяьлла драматург, прозаик, режиссер Германехь ехаш ю.

КарабогIучу беттан 10-чохь Франкфуртехь Дуьненаюкъара киншкийн ярмарка йолалучу дийнахь къаьстар ду, хьанна кхочур ду юкъадиллина 25 эзар евро ахча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG