Талламан изоляторе кхача тарло фотомодел Ситюрева Ольга, цуьнан декъахочо Дудаев ИбрехIима ден тоьшаллаш бахьана долуш. Керлачу Арбатерчу "Мариотт" отелехь сейф йиллина, бизнесхочун Краюшкин Александран 22 миллион сом ахча арадоккхуш гIо дина цо. Цхьаболчу хаамийн гIирсашкахь моделан везар ву аьлла, цIе яьккхинчу Дудаевс чIагIо йо, шен цIийнден сейф еллахьара аьлла, шега гIо дехнера Ольгас аьлла. Иза кхечу пачхьалкхе дIавахна, шеца зIене волуш вац, ткъа шена хьаштхилла цу чуьра ахча а, кехаташ а аьлла хилла Синтюревас.
Механикан а, электронан а догIа даккха говзанча лоьхуш хиллера жимчу зудчо. Хьалхо машенаш юхаюхкуш лелла ву Дудаев. Талламчашна хетарехь, оцу ахчанах доккха дакъа шена дитина хилла цу стага.
Хьалхо Синтюревас шен декъахочунна тIететтинера боллу бехк, ша цу зулам динчу меттехь хилла а яц аьлла. ЦIера дIасаялар а доьхкуш, араялитинера иза.
Моделан адвокато Гофштейн Александра бахарехь, къоладарна итт шаре кхаччалц чохь яккха хан кхайкхо там бу зудчунна.
Отела чохь белхаш дIахьош хиларна, Дудаев а, Синтюрева а тешна хилла, видеокамераш болх беш хир яц аьлла. Видео Iораяьллачул тIаьхьа, Нохчийчу ведда ваханера Дудаев. Кехаташ хийца гIертачу юкъанна дIалаьцнера иза полисхоша.