ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь дIаяьхьначу операцехь кхо стаг вийна, тIемалой бу аьлла


Дагестанан Карабудахкентан а, Буйнакскан а кIошташкахь дIаяьхьначу контртерроран операцехь (КТО) ФСБ-н спецназо кхо тIемало вийна аьлла хаамбина Къоман антитерроран комитето (НАК). КIиран Iуьйранна пхи сахьт даьллачул тIаьхьа йолийнера операци.

"Теракташ дан кечамаш бу беш" аьлла, кхерамзалла ларъечу хьукматашка хаам кхаьчначул тIаьхьа йолийнера КТО. "Лаьмнийн хьаннашкарчу меттигашкахь лехамаш дIахьочу хенахь кхаа стагах лаьтта тоба хааеллера. Герз охьа а диллий, карадуьйла аьлча, автоматаш йиттинера цара дуьхьал", - аллла ду структуран хаамашкахь.

ТIеман тасадаларш хиллачу меттехь герз а, патармаш а карийна.

Полисхоша кхи дIа а толлуш ю кIошташкара меттигаш. Лазийна, вийна стаг вац цу бохамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG