Ийначу кепехь латархо, ММА-н спортхо Емельяненко Александр деша дIахIоьттина Соьлжа-ГIаларчу Миллионщиковн цIарахчу мехкдаьттан университетан 1-чу курсе. "Мехкадаьттан, газан гIуллакх" цIе йолу корматталла караерзо Iалашо хилла Емельяненкон. ТАСС агенталле бина и хаам университетан проректоро Гайрбеков ИбрахIима.
"Тхан университете деша веана Емельяненко. Цхьа экзамен яра цу факультетехь, иза а кхиамца дIаелира цо", - аьлла Гайрбековс.
Маршо Радионо байначу баттахь яздира, Емельяненко Нохчийчохь деша лаам болуш хиларх.
Стохка гурахь юхайолийра Емельяненкос шен латархочун карьера, кхаа шарахь юкъараваьлла а Iийна. Москохарчу Симоновскан кIоштан кхело 2015-чу шарахь 4, 5 шо а хан а тухуш, 50 эзар сом гIуда хьарчийра цунах.
Шен хIусамехь чухIоьттина болх бен Степанова Полина хьийзинера цо. 2016-чу шарахь маьршаваьккхира иза.
Ткъа стохка Iай Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат" клубо контракт дира цуьнца.
Емельяненкон активехь 27 толам а, 7 эшам а бу.