ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сенцов арахецар доьхуш мацалла кхайкхийна Парижехь


Оьрсийчохь набахтехь латточу украинхойн режиссерна Сенцов Олегна тIехIуьттуш Парижерчу оьрсийн векалтна хьалха мацалла кхайкхийна жигархоша. Шаьш цунна саготта хилар дIахаийтина Францин гоьбевллачу политикаша а, юкъаралхоша а, художникаша а. 24 сахьт мел долу вовшашца хийца а луш, лаьттар бу уьш Оьрсийчоьнан дипломатин миссин гIишлонна хьалха. Францин юстицин хиллачу министро Тобир Кристиана дIакхайкхина, Сенцовс мацалла хьоьгучу 124-чу дийнахь шаьш акци йолорах.


Шайн акцех схьакхеттачийн массеран а цIераш ца йоху и барам вовшахтоьхначара. Оьрсийн векалтна хьалха Сенцов маьршаваккхар тIедожош бистхиллачарлахь режиссераш бу Канте Лоран а, Ферран Паскаль а.

"Дешан маршо къовсар - и ду цхьа бахьана со тахана кхузахь хиларан. ХIокху акцехь дакъа ца лаьцнехь куьзганчохь сайн бIаьра хьажа эхь хетар долуш вара со", - аьлла France Culture хьостанна еллачу интервьюхь Канте Лорана.

Оьрсийчуьрчу кхело набахтехь даккха 20 шо хан тоьхна Украинан режиссерна Сенцов Олегна. Иза бехкево, аннекси йинчу ГIирмехь теракташ кечдеш хилла аьлла. Ша бехкехилар тIе ца дуьту Сенцовс.

Стигалкъекъа-беттан 14-чохь дуьйнна мацалла кхайкхийна цо, оьрсийн набахтешкара политикан тутмакхаш маьршабахар тIедожош Iедалхошна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG