ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сочера Соьлжа-ГIала кеманаш лела тарло


Нохчийчоьнан коьрта шахьар Сочерчу а, Симферополерчу а авиарейсашца йоза лаам хиларх дIахаийтина ТАСС агенталле Соьлжа-ГIаларчу аэропортан директоро Гамбулатов Султана. Авиакомпаница рожехь кеманаш дIасаэхийтарх дийцарш долийна аэропортан урхалхоша.

Хьалхо дуьйна дара цу хьокъехь дийцарш, амма авиарейсаш ян декхарийлахь хилла "Саратовн авиалинеш" компанино сацийра и гIуллакх.

UTair, "Ямал" олучу компанешца дIахьош ду дийцарш карарчу заманчохь.

Иштта Гуьржийчу кеманаш эхийта планаш а ю Соьлжа-ГIалан.

XS
SM
MD
LG