ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIала – "уггаре маьрша" шахьар


Domofond.ru портало хIоттийначу рейтинго гайтарца, уггаре паргIат, чохь лакккхара кхерамзалла латтарца билгалъялла Соьлжа-ГIала.

Шахьарахь паргIато хиларх тоьшалла динарш бу меттигера бахархой. Стохка а санна, яккха тарлучу 10 баллах 9,5 балл яьккхина Соьлж-ГIалано. Оейтингехь шолгIаниг ю Анапа, цул тIаьхьарниг – Геленджик.

Оьрсийчохь "уггаре кхерамечу" гIалин меттиг кхаьчна Новочеркасскна. Теллинчу 150 гIаланашна юкъахь 38-гIа ю Москох, 56-гIачу меттехь – Петарбух. Рейтинган жамIаш довзийтина ТАСС агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG