ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIачунна экстрадици яро гуламе баьхна украинахой


Киевехь, Украинан Инарла прокуратурин хIусамна хьалха, протестан гулам хIоттийна Оьрсийчоьнан дехарца гIалгIачунна Тумгоев Тимурна экстредици ярна резабоцчу наха. Оцу хьокъехь хаам баржийна Фейсбукерчу "Партія 'Національний Корпус" канало.

Цхьаболчу хаамашца, полицино бIаьргаш Iийжабойту газ етта гуламхошна, наха дуьхьал – тIулгаш.

Акцин декъашхоша дарж дитар тIедожадо Украинан инарла прокурорна Луценко Юрийна а, цуьнан гIовсна Енин Евгенийна а.

Шема вахана, тIемалошлахь леларна Оьрсийчоьно дIавоьхуш хилла Тумгоев деношкахь Москох дIахьажийна Украино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG