ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнца ДоттагIаллин барт бохийна Порошенкос


 Порошенко Петро.
Порошенко Петро.

Оьрсийчоьнца бина ДоттагIалла а, цхьаьнакъахьега а, накъосталла а лелорах барт бохош указ тIеэцна Украинин президенто Порошенко Петрос. Бахьана ду Украино Оьрсийчоь пачхьалкх-агрессор лоруш хилар.

Порошенкон указца а догIуш, Украинин арахьарчу гIуллакхийн министралло хаам бийр бу шайн лаамах лаьцна Оьрсийчоьне, хоуьйтур ду цу хьокъехь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралле а, ОБСЕ-га а, дуьненаюкъарчу кхечу вовшахтохараллашка а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG