Шемарчу Идлиб провинцехь тIеман операци ярх юхабовла барт бина Сочехь цхьаьнакхеттачу Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а президенташа Путин Владимира а, ЭрдохIан Реджепа а. Цунах лаьцна журналисташка хаам бина Оьрсийчоьнан тIеман министро Шойгу Сергейс, яздо "Интерфаксо".
Оьрсийчоьно а, Туркойчоьно а иштта барт бина ГIадужу-беттан 15-гIа де тIекхачале 15-20 километр кIорга йолу герз доцу зона кхолла Шеман тIеман ницкъаш а, оппозицин тIеман тобанаш а дьухь-дуьхьала лаьттачу дозанехула.
Оьрсийчоьнан президенто бинчу хаамца, Туркойчоьнан президенто кховдийначу гIулчаца, ГIадужу-беттан 10-гIа де тIекхачале цу зонера арадохур ду оппозицин тобанашкахь долу деза герзаш а, танканаш а, цхьанаметта ракеташ туху системаш а, яккхийн тоьпаш а, минометаш а.